Шрифт:
Закладка:
…Генахь йисина йина йурт. Цигара исбаьхьа Іалам. Школехь доьшуш даьккхина ирсе ворхІ шо. Жимчохь дуьйна цунний, Маилний йукъахь кхоллабелла безам. ЦІеххьана иккхина тІом. ХІетта ткъайасна шо кхаьчна Маил шен лаамехь фронте вахар. Зану коьртехь а йолуш колхозехь вовшахтоьхна мехкарийн звено. ТІом толамца чекх а баьлла, Маил цІа а вирзина, цуьнца цхьаьна хІусамехь гуттаренна а йаха охьахаа ша сатийсар. Курскана уллохь шена чов хилла аьлла, Маилера деана кехат. Масех бутт баьлча цхьа ност йоцуш, некха тІехь орден, медалаш йолуш винчу йуьрта иза цІаверзар. Шаьшшинна вовшийн дуьххьара гина буьйса…
Иза дара Занун доттагІ Асет йолчохь. Іасанашна тІе а тийжаш, неІарх чоьхьаваьлла Маил, дуьхьал хІоттийна лаьттачу гІанта тІе охьа а хиъна, Іасанаш улло пенаца дІа а хІиттийна, вела а къежна, Зануга хьаьжира. Зануна гора шена хьалха хиъна Іен оза, Іаьржа йуьхь йолуш, Іаьржачу месашна йуккъехь сирделла чоьш долуш жима стаг. Маил хийцавеллера. БІаьргаш а бацара, хьалха санна, самукъане. Мел иза лачкъо гІертарх а, царна чохь гІайгІа гора Зануна.
Зану, охьахаа ца кхеташ, ирахь лаьттара.
–ТІаккха, Зану, хьан гІуллакхаш муха ду? – хезира цунна Маилан хийцаделла аз. БІаьрхиша тІехула марха тесначу Занун бІаьргашна хьалха шалхадуьйлура Маилан сурт.
– Хьо йист ма ца хуьлу? – бохура Маила. – Ирахь ма латта, охьахаа.
Зану йоккхайера цІа чохь шаьшшиннал сов кхин адам цахиларх! Шен берриге а ницкъ тІебахийтина, ца йелха гІерташ, къурдаш деш, шеддаш логехь сецадора цо. Амма ницкъ кхачалуш лаьттара. Цунна гора, мацах цкъа самукъане, могаш, каде хилла, ткъа хІинца цхьа ност йоцуш, дуьненан самукъанах хаьдда, хеназа къанвелла цуьнан хьоме Маил. ХІун дийр ду цо? Хьан хьостур ду цуьнан доьхна дог? Цуьнан-х да-нана, йиша-ваша а дац.
Занус, ша йолччу охьа а лахйелла, шина а куьйга корта а лаьцна, дагна маршо йелира.
– Хьо хІунда йоьлху? – воьхна хьаьвзира Маил. – Йа со дийна цІаверзар хаза ца хета хьуна?
– Маил… Хьуна и лазам болучул, со йеллехьара… Ac xIyн де хьуна?…
Зану йоьлхура. Цуьнан дог хьааре ладоьгІуш, вист ца хуьлуш цхьа хан йаллалц Іийра Маил.
– Уьш ма дийцалахь, Зану, – элира цо эххар. – TIoм – тІом бу. Цигахь чов хуьлу, вала а ле. Суна цхьанна хилла ца Іа хІара лазам. Миллионаш байъина, бойъуш бу. Миллионаш, со санна, заьІап хилла, хир болуш а бу. Ткъа сан ност а, сан са а хІун йу? Со хІаллакьхуьлуш, чекхбаьлла хили белара хІара къиза тІом.
Муха йолу а ца хууш, сиха чекхйелира гуьйренан и йеха буьйса. Цул тІаьхьа ши бутт баьлча, Маиле йахара Зану. Йеххачу хенахь дІатесна лаьттина цуьнан ков-керт цІинйира Занун тІаламечу куьйгаша. Керла бахам вовшахтухуш цаьршинна гІо дира доттагІаша а, Занун дас-нанас а. Цаьршинна-м иэша а ца оьшура и бахам. Шаьшшиъ цхьаьна хилчхьана, дерриге а дуьне шайн долуш санна хетара. Моьттура, ирс шаьшшиннан карахь ду, шайна цкъа а, цхьа а тайпа сингаттам, бохам а хир бац. Амма, стага ца лехарх, ца бехарх, ла ца дегІарх, иза ша тІекхочуш хиллера. Иза кхечира, цушиннна кхаьчна ца Іаш, дерриге а халкъана.
…ЦІемза, шийла 1944-чу шеран февралан ткъе кхоалгІа де. И доьхна деана кхаарин де. Хиндерг массарна а къайлехь лаьтташ бина и беха цхьана беттан некъ. Генахь бисина Даймохк. Мичахь бу а, дийна бу – бац а ца хаьа маьІ-маьІІе дІасабаржийна гергарниш, йуьртахой.
Маилан хеназа кхалхар…
Легашка хорам хІоьттинчу Занус йуьхь тІера йургІа дІатесира.
– Маил… Кхин гур вац-кх суна хьо…Кхин гур вац-кха… Дех-ненах, йиша-вешех хилларг а ца хаьа… Массарех хаьдда, цхьа йиси-кх cо…
Зану шен ойланех йукъахйаьккхира, чІогІа неІ тІе а тухуш, чувеанчу Асвада. Ша уьйзу са, шен дего дегІ сацо гІерташ, къовлайелира Зану, марваша цІа чу веача. Амма Асвад, кхуьнга вист ца хуьлуш, дехьа чу велира. Цхьаъ шегара хьал хоттуш вистхилча а, шен цамгарна маслаІат хир долуш санна хетара Зануна. Цуьнан къоначу, могашчу дегІана дуьххьара кхетта цамгар йара иза. Нагахь хІара йахлахь? Дуьххьарлерчу дийнахь а уьш иштта ида боьлча, тІаьхьа хІун хир ду?
Шина цІенна йуккъера неІ йеллайелира. Сехьа чу ваьлла Асвад, цкъа-шозза чухула дІаса а волавелла, тІаккха Зануна улло охьалахвелира. Зануна хааделира цо шен букъа тІехьа йургІа теІош. Иза тоьира мискачу зудчунна там бан.
– Зану, – меллаша, цхьанна хазарна кхоьруш санна, кхайкхира Асвад.
– XIyн бах ахь, кІант? – йургІанна кІелхьара хьала а ца таьІаш, жоп делира Занус.
– Дехьачу йалахьа. Хьоьга дан къамел дара сан.
Асвад, кхин хІумма а ца олуш, шайн цІа чу вахара.
Асвад пхийтта шо воккха вара Маилал. Шен деншичин кІант фронтера цІа веача, цунна Зану йалош, бахам меттахІоттош а дика хьийзира иза. Кхуза схьакхаьчча а, хала хан тІехІотталц Маилан дола а дира цо. Амма, тІаккха кІез-кІезиг хераволуш, эххар а, дІатесира. ТІамехь а, Іожаллина хьалха а атта ца вуху стаг, амма къеллина хьалха ца вухуш дукха къонах ца волу. Ткъа Асвад къонахашца вагарван стаг а ма вацара.
Махкалла а, мацалла а ца лайра Маилан заьІапчу дегІо. Цкъа узар дина а, цкъа латкъам бина а, шен дагара ца хоуьйтуш, халонех къурдаш деш, хІара санначу боданечу, тІуьначу цІа чохь салтийн чоина кІел тийна дІакхелхира иза. Цхьа волчу гергарчу цхьана стагах къаьстина Зану, буо санна, цхьалха йисира. Къона нус цхьа йита ца лиира а хаац, йа цуьнан къоначу ницкъах шайн ков-кертахь дечу гІуллакха тІехь пайдаэца лиънера а хаац, цкъа цхьана дийнахь веанчу Асвада шайн хІусаме дІайигира иза. ХІетталц, урамехь тІекхаьчча, а цуьнга чомахь вист ца хилла Асвад оцу дийнахь дуьйна дика вара цуьнца. Себила цІахь йоцуш меттиг нисйелча, цхьа кана ахьар, йа хьаьжкІаш, йа мукх, шаьш йууш йисча сирла чорпа луш а меттигаш йогІура.
«Кху шийлачу цІа чохь, тІуьначу цІенкъахь, гуьйриг санна Іуьллучу сох къахетта хир дац-те цунна, – ойла йора цо. – Дехьа, довхачу цІа чу а йигна, йовхха чорпа а малийна, маьнги тІе йижор йац-те…» ТІаьхье кхин ойла гІертара коьрте. «Нагахь со цаьршинна совйаьлла хилахь? Со иштта цомгаш кІелйисарна кхерабеллехь? Майрачуьнга со арайаккха а аьлла Себила балха йаханехь? Дехьа чу а кхайкхина, марвашас со йитахь? Везан Дела, тІаккха со мича йаха йеза! Со хьанна тІетовжа йеза! Со хьанна хьашт хир йу. Шаьш шайн синошна а хІун дийр ду ца хууш бІарзвелла ма хьийза массо а. Суна сайн нах карабаллац, со царна тІекхаччалц кху, чохь йитахьара…»
Уьйриг хилла коьрте хьаьвзинчу оцу ойланаша Занун дегІа тІе хоршин керла чарп тесира. Кегийрачу тІадамашца беснешна тІехула догІанах охьахьоьлхура дуьра бІаьрхиш. Садукъо санна, логехь соьццра кийрара арагІерта йелхаран къурдаш. Амма… амма маршо йала ца йеза делха гІертачу дагна? Кийрахь