Онлайн
библиотека книг
Книги онлайн » Историческая проза » Кхолламан цхьа де - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Шрифт:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 29 30 31 32 33 34 35 36 37 38
Перейти на страницу:
гІерта малх а. ШолгІа буьйса а тІекхаьчна йаьллера. ШолгІа буьйса хилла а ца Іа цаьршимма некъ бен. Тахана бархІалгІа де ду и шиъ луларчу областера схьаваьлла. Карасура Намангане цІерпоштца веана и шиъ, ткъа бисина беха некъ берриге а гІаш бина. Бакъду, гІалара аравала а, араваьлча, Караташе боьдучу новкъа вала а ца хууш, Наманганехь ши де дайна цаьршиннан. ТІехула тІе, дІа ког мел баьккхинчохь, бакъонаш хоьтту. Кхузахь атта вевза кавказхо. Хьо кавказхо велахь, нохчо йа гІалгІа, кхарачай йа балкхаро хила ма веза. Хьо царах велахь, спецпереселенец а ма ву. Ткъа спецпереселенцан бакъо ма йац ша вехачу районера дІасавала. Спецкомендатурин бакъо а йоцуш дІасавалахь, ткъе пхи шо хан йу хьуна. Иштта ду Молотовс буха куьг йаздина закон. Цундела, дуьхьал мел кхеттачу муьлххачун а бакъо йу хьан документаш хатта а, хьо йуьрта чу ца вита а, йуьртах араваккха а. Амма Матин а, Мансуран а карахь бакъо йу. И шиъ Покровке воьду. Цигахь ву Матин ваша Халид, цаьршиннан цхьа кІеззиг гергара нах а.

Амма хала ду-кх къеначу Матина хІара гена некъ бан. Къаналлина тІе мацалла, цамгийла8. Пехашца йовхарш йу цунна. КІелвисина волуш лаьтта. Цхьаммо а машина сацайой ткъа хІара шиъ тІехао? Хьанна оьшу и ши тІуьйлиг? ХІумма а дац! Мухха кхаьчча а, дІакхочур ву и шиъ. Йиша-вешина, йуьртахошна тІекхаьчна, йицлур йу лайна халонаш. XIapa а йу-кх и шиъ шайх чекхвийлла иттаннаш йарташ санна йурт. Гомий урамаш. ТІе латта а тесна, нийса тхевнаш а тохкуш дина поппаран цІенош. Гуонаха поппаран баролашца гуо къевлина йуькъа бошмаш. Къаьсттина дукха йу кемсаш. Бакъду, хІара йурт йоккха йу. Тамаша а бу, райцентр йацахь.

Охьа чухьоьжуш Іачу Мансурна гира дехьа басахула меллаша ког боккхуш йуьрта вулуш воллу Мата. Къена велахь а, иза Іасанна тІе ца тийжа. Букъа тІехьа ши куьг а дуьллий, лохха назманан мукъам а беш вогІу иза. Наггахь, саца а соций, бІаьргашна тІехула куьг а лоций, хьалха дІахьоьжу. ТІаккха а дІаволало. Цунний, Мансурний йуккъехь ши километр хиллал некъ бу. И некъ цхьана сохьтехь бина Матас. Иза бІаьргана къайлаваллалц хуий а Іай, тІаккха тІаьхьавоьду Мансур. ХІинца а, иза йуьрта вулуш воллуш гича, хьалагІеттина, шен ларчанах тасавелира Мансур. Ларча-м йайн йу. Кхузткъе итт шарахь дуьненахь ваьхначу, шовзткъе пхийтта шарахь къахьегначу къеначу Матина бисина бахам и бу. Наманганехь жоьлгаша лачкъийна цо оццул леррина Іалашдина духар а: даточу бустамашца кечдина Іаьржачу исхарин чоа а, дато доьхка а, хьеса кІужалшца кечйина кІайн башлакх а, бухаройн боьмаша куй а, кІеда ши маьхьси а. Шо хьалха оцу духарца йара детица кхелина шаьлта а. Амма иза хІорш махках бохучу дийнахь, цхьана майорл хьажийта ло аьлла, Матегара схьа а эцна, шен йукъах йихкира. ХІинца къеначу Матин атталха духар а дац. ИэттІа, калда а йаьлла кхозу тІаьххьара гІовтал, аьхна хеча а, тІергІан пазаташ а, калош а. Йукъах дихкина гата а… Цхьадика, Іаламо къинхетам бина, хІара денош маьлхе, довха а даьхки. Иштта а ца хиллехь, хІун дийр дара цаьршимма. Новкъахь даьхначу денойх дукхахйолу хан йерзинчу стигла кІел йоккхуш ма ву и шиъ. Милцоша буса вокзалан залашна чохь а ца вуьтура. Чайханщикашна а ца дезара хІара мезаша дуьзна ши адам. Мезий-м гуш а ма дацара. Матина йовхарийн цамгар йара. Сих-сиха йогІучу йовхаршца цо дІатуьйсура йуккъе цІийн пхенаш а хІиттина соьзе шат. Йуххедаьккхина лелош даьсса консервин гІутакх дара цуьнан. И йовхарш йара вокзалехь а, чайханахь а, цІерпоштан вагон чохь а нахана и шиъ совваьккхинарг, цушиннах адам къехкарг. Делахь а, дерриге адамаш а ма дац вуон. Адамалла йерш дукха ма бу. Цара дІатарвора тхов кІел, paгІy кІел. Нагахь, цхьа хІума а лачкъийна, вадахь олий, цаьршиннан документаш шайга дІа а оьций.

Сийсара а цхьана маьІІаргонна арахь вуьсура и шиъ. Цхьадика, йурта йуккъерчу пхьалгІин неІаре нисвелла и шиъ пхьеро ша волчу чохь витира буьйса йаккха.

Ткъа тховса? Хаац, тховса мичахь Іер, хІун йуур а. Цаьршимма некъана кечбина мекхан цу а тахана тІаьххьара чекхбаьлла. Кхин йохка а, хийца а хІума йац. Таьлсаш-м ду. Амма, хьанна оьшу уьш?

Лаха чуьра хьала узбекийн иллин мукъам хезара. Герга мел гІоьрти, Мансурна озах хиира иза кегийрех стаг вуйла. Иштта дан а дара иза. Некъо голатуххучохь цунна тІеІоттавелира вира тІехь вогІу цул воккхо узбекийн кІант. ТІейуьйхина кІайн-сийна моханаш йолуш халат, йукъах дихкина цІен йовлакх, четахь книгаш. Новкъара нацкъар а ца волуш Іачу Мансурах бІаьрг кхетча, кІентан илли цІеххьана хедира, ткъа тІекхаьчча вир а, корта сандар9 а баьккхина, сецира.

– XIapa xIун йурт йу? – хаьттира Мансура.

– Янги-Курган.

– Ткъа Караташ район гена йуй?

– ДІогахь, лаьмнашкахь, – хьала пІелг хьажийра кІанта.

Изза олура селхана дуьйна дІа мел хаьттинчо. Мархашна а, дахкарна а йукъахьаьрчина го и Іаьржа лаьмнаш генахь а дац, сарале шаьшшиъ царна тІе хьала вер ву моьттура Мансурна селхана. Ткъа уьш, тІе мел гІоьрти дІахуьлуш санна, хІинца а генахь дара.

– Маса километр некъ бу цига?

– Ткъе итт-шовзткъа.

«Кхин некъахьовзам боцуш дІагІойла хилахь а, шина дийна некъ бу-кх, – ойла йора Мансура, кІентан четарчу книгашка а хьоьжуш. – Схьахетарехь, школера вогІуш ву хІара. Милици йуй-те кхузахь аьлла, хаьттича, хІун дара-те…? ХІан-xІa. Цецвер ву тІаккха».

– Район йу кху йуьртахь?

– Муха – район? – ца кхийтира кІант.

– Масала, районан берриге хьаькамаш болуш хуьлуш йолу йурт йуй xIapa?

– ХІаъ, йу.

«ХІета, милици а йу-кх кхузахь. ТІекхаьч-кхаьччачо ша-ша бен ца лоцу моьттуш, йуьртара аравалале, иттаза лоцур ву».

– Доьшуш хир ву хьо?

– By.

– МасалгІачу классехь?

– ИссалгІачу.

«Тхо махках ца даьхнехь, со а хир вара Михайловскехь хьехархойн техникумехь доьшуш…»

– Тахана хІун терахь ду? – тІаьххьара а хаттар дира Мансура.

– Ткъе кхоалгІа февраль.

– Баркалла хьуна, дIaгlo…, – йуьстах ваьлла, кІантана некъ битира Мансура. Ткъа кІанта шен вир, шина а чоьже кІажаш а таІийна, хьалха човхийра. Кегийчу гІулчашца чабол эцна вир бердашна йуккъехь къайлайелира.

«Ткъе кхоалгІа февраль… Тахана нийсса шо кхочу-кх тхо махках даьхна. Шо кхечи-кх, гойтуш бехк боцуш, йинарг кхиэл йоцуш, махках даьхна, тхо сийсаздеш. Ткъа оха, Іовдалчу бераша, сатийсира ворхІ класс чекх а йаьккхина, деша даха. Ас а, Решеда а сацамбинера, хьехархойн техникум чекх а йаьккхина, школехь болх бан… ХІун хилла-те цушиннах? Дийна вуй-те? Йа, со санна, ги ларча а тоьхна, цхьанхьашха волавелла лела-те?…»

Гуонаха керт йоцуш тесна лаьттачу цхьана бешарчу лекхачу акхтарга кІел садаІа охьахиира и шиъ. Наггахь стаг а тІех ца волура цаьршинга мичара вогІу, стенга воьду ца хоттуш. Оцу цхьана шаро массо хІуманах а тешамза баьхна, сема, ларлуш хила Іамийнера нохчий. Цундела, шимма-кхаамма шайга и хеттарш дича, сорсаваьлла

1 ... 29 30 31 32 33 34 35 36 37 38
Перейти на страницу: