Онлайн
библиотека книг
Книги онлайн » Историческая проза » Кхолламан цхьа де - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Шрифт:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 29 30 31 32 33 34 35 36 37 38
Перейти на страницу:
сацийра тхан дайша. Амма Нохчийчохь российски Іедал чІагІделча, паччахьан правительствос йамартлонца бохийра и барт. ТІаккха масазза а гІеттира халкъ. ХІор а гІаттам чекхболура нохчийн йарташ йагош, адам хІаллакдеш, Сибрех лоьхкуш. Йукъарчу гІаттамах догдиллина, амма паччахьан къизаллина, Іазапна, олаллина кІел севцца, лайш хилла баха ца луу нах, лаьмнашкахь, хьаннашкахь къайла а буьйлуш, цхьацца ша-ша, йа кегийрачу тобанашкахь цхьаьна а кхетий, партизански тІом бан буьйлира. Царах обаргаш олура, ткъа оьрсийн зорбанехь – абрекаш. Революци хилча, нохчийн, гІалгІайн халкъаш, цхьаъ санна, массо а стаг цуьнгахьа велира. ХІунда аьлча, большевикаша царна дош делира, бІешерашкахь цара сатийсина, шегахьа цара турпала къийсам латтийна, оцу къийсамехь бІе эзарнаш кІентий хІаллакьхилла маршо, латта а царна дала. Советан Іедалехьа тІамехь итт эзарнаш кІентий байъира, иттаннаш йарташ йагийра. Ткъа оццул хала тІамца, цІийца оха даьккхинчу Іедало а кхочуш ца дира шен дош.

Латта а ца делира, маршо а ца йелира. Колхозаш йохкуш, нехан долара бежана, сту, гота, ворданаш а дІайехира. Кулакаш бу бохуш, цхьа миска нах махках бехира. Тхан баккхий нах, Іеламнах а хІаллакбира. Тхан маьждигаш дохийра, КъорІанаш, жайнаш дагийра. Тхан дин, къоман гІиллакхаш сийсаздира.

– Иза-м массанхьа а хилира, Іалха. Шу доцчарна а…

– Хаьа суна. Кхин долу халкъаш, дуьхьало ца йеш, Іахарий санна, шайна арсаш хьоькхуьйтуш Іийра. Оха цкъа а ца лайна харцо, хийра олалла. Оха тхайн ницкъ ма-кхоччу къийсина Ежовн, Бериян чалтачашца. Цундела ца дезара тхан халкъ паччахьан Іедална а, хІинца долчунна а. ХІокху тІамехь тхан кІенташа жигара дакъалаьцна, турпала хьуьнарш гайтина. ТІом болабеллачу хьалхарчу шерашкахь пхеа нохчочунна турпалхочун цІераш техкина. Йерриг Ази, ах Европа дІа а лаьцна, цигара халкъаш лолле дерзийна, шина бІе шарахь сов Іийначу татаро-монголийн ханашка а ца къарделла тхан халкъ. Лам чу йуха а девлла, хаддаза тІемаш беш тхан дайша шина бІешарахь самалхадала ца битина уьш. Тхан махка тІехь хаддаза шовзткъа эзар тІемало а, уггар говза полководцаш а латто дезна церан. Немцой тхан махка кхаьчнехь, тхо царна къарлур дара моьтту хьуна? Цара тхан зударий сийсазбеш, нах бойъуш нохчий таьІна Іийр бара моьтту хьуна? Оха тхешан латта къахьдийр дара царна! Тхо йамарт ца хилла дела, кІилло ца хилла дела, тхуна маршо йезарна даьхна тхо махках. Йамарт болчарна, харцонаш лелочарна, къизачарна дуьхьал къийсарна, маршо, нийсо йезарна даьхна тхо махках!

ЦІа чохь цхьана йукъана тийналла хІоьттира. Иштта, цхьа дагна бала Іаьткъича бен кху тІаьххьарчу шина баттахь цигаьрка ца узуш волчу Іалхас, шена цигаьрка а хьарчийна, боккха баьккхина кІур пехашна кІорге чууьйзира. Цунна дуьхьалхІоьттира, пхи бутт хьалха ша госпиталера араваьлча, винчу лаьмнашка вахар. Грознера дІа гІаш воьдура иза. ХІетта йирзинчу чевнаша хаамаш бора некъ бан воьлча. Къаьсттина чІу бойначу настаро. Цхьаннахьа а ца гора нохчо. Аренца йарташкахь – хІетта кхуза кхалхо болийна оьрсий, лам чу воьлча – суьйлий. Дай цІера бевлча, тишделла цІенош, ков-керташ. Доьхна некъаш, тІайш. ГІийла лаьтта кешнаш. Акхадевлла лела жІаьлеш, цицигаш. Дукхахдолу цІенош, хІинца а керла дай схьакхачаза, даьсса лаьттара.

Къематде хІоьттинера Іалхин Даймахкахь.

Кхо де-буьйса даьккхира цо винчу йуьртахь. Дийнахь хьаннашка, лаьмнашка а воьдуш. Шен дай баьхначу, ша винчу, бераллехь ша левзинчу меттигашка тІаьххьара бІаьрг тоха. КхоалгІачу дийнахь тІаьххьара лаьмнашка а вахана, цхьана лекхачу орца тІе хьала а ваьлла, гондІа бІаьрг бетташ иза хиъна Іаш, цунна тІевеара герзаца кечвелла да а, ши кІант а.

Цара Іалхина дийцира тешнабехк бина нохчийн халкъ махках муха даьккхира. Уьш кхоъ оцу дийнахь цІахь вацара. Кху лаьмнашкахь жа дажош вара. Хилларг царна хиира кІира даьллачул тІаьхьа. ХІинца уьш кхоъ шайн даймахкахь лечкъаш лелара. Йуьрта баха а ца баьхьаш. Адамашна гучубовла а ца баьхьаш. Акхарой санна, адамех къехкаш.

– Таханлера дезчу денна тІера кад хІунда ца молу бохуш, соьга бехкаш доху ахь, – ойланаш дІа а лаьхкина, вистхилира Іалха. – Хьуна ца хаьа, тхан халкъ махках доккхучу дийнахь советски эпсарша а, салташа а Нохчийчохь гайтина «хьуьнарш». XIaра де даздан митинге кхойкху аьлла, тешнабехк бина, йалхитта шарера хьала берриг божарий школашка, клубашка а гулбина, царна тІе пулеметаш йерзийна, цхьана стага а дуьхьало йахь, уьш а, цІахь дисина зударий, бераш дойъур ду аьлла, шина сохьтехь оцу шийлачу Іай, дукхахберш когашІуьйра, массо адам йарташкара арадаьккхинера. Оцу Іуьйранна хиндерг ца хууш, шайн гІуллакхашна йуьртал арабуьйлу нах, зударий, бераш дайъинера. ТІе машина, ворда ца йахалучу ламанан йарташкара дерриг адамаш, цхьаццанхьа гІишлош чу а гулдеш, тІе бензин детташ, цІераш туьйсуш, дагийнера. Йуьртара арадаьхначу адамашна йукъара гІаш ца бахало къена а, цомгаш а нах, йуьстах а бохуш, автоматашца байъина. Больницешкахь цомгаш Іохку нохчий, мехий детташ байъина. Кавказера схьа оцу бехачу некъаца даьІахкаш Іохку байъинчу, беллачу нохчийн. Дийнахь-буса, цкъа-шозза эшалон сацош хилла цхьанхьа йаьссачу арахь. Нах нишка бовлийта. Эшелонна итт метр генаваьлларг вуьйш хилла. Зударийн сий до, зударшна хезаш цкъа а маьттаза дош ца аьлла оьзда нохчий, лаьтта бІаьра а богІалой, шайн гІуллакх дан охьалахлуш хилла. Зударий а, божарий а. И иэхь тІе ца лаца, ара ца бовлуш, ахкаргаш лилхина белла дукха зударий. Дийца воьлча, дукха ду уьш. Ткъа ахь оцу эскарна тІера кад мала боху! Дависарг-йаІ, Іедало шена тешнабехк беш буйла цхьа де хьалха хии делара сан халкъана! Хиънехь, тахана тхо кхузахь хир дацара. Тхан махка тІера цхьа салти а дийна аравер вацара, йа тхо дерриг цигахь делла хир дара!

Мария Петровнас чай доьттира. Пиали чохь накхаран моз a хІоттийра.

– Изза хьал ма хІоттийна миллионаш адамашка… Кулакаш бина, махках баьхна а, бехк-гуьнахь доцуш лецна а…

– ХІан-хІа, Николай, тхан халкъана тІехь санна, харцо ца лелийна цхьана а халкъана тІехь. Дуьне кхолладелчхьана. Ас йуха а боху хьоьга, кулакаш бинчийн, лецначийн, байъинчийн шайн даймохк, оцу даймахкахь доьзалш, гергарнаш бисина. Шен хан йаьккхича валаза висинарг царна тІе вухавирзина, йа воьрзур ву. Тхоьгара даймохк дІабаьккхина. Тхан халкъо эзарнаш шерашкахь кхоьллинарг хІаллакдина. Тхоьга тхешан халкъан истори, мотт, культура а йицйайта, тхан синкхетам дІабаккха, тхо иэсах даха, дуьне мел ду даржийна!

Николай Кузьмич, чай шена хьалха а оьзна, бепиган цастарна тІе моз хьакха вуьйлира.

– Иштта хир дац иза, Іалха. Харцонаш лелла вайн махкахь. Иза шеко йоцуш ду. Амма, тІом чекхбаьлча, дерриг къастийна, нисдийр ду. Шу а доьрзур ду шайн даймахка. Тахана цкъа хала а, чолхе а зама йу хІоьттинарг. Шун халкъан исторех цхьадерш хаьара суна. Аш бІешерашкахь шайн къоман маршонехьа а, тІаккха советан Іедалехьа а латтийна турпала къийсам. ХІинца тІекхоьллинчу эладитанаша тиларчу вигнера со. Ас дукха ойла йора, хІунда даьккхина и халкъ махках? Со санна, кхетар ду вайн махкара халкъаш. Шуна бехк-гуьнахь доцуш къиза таІзар динийла хиъча, цара

1 ... 29 30 31 32 33 34 35 36 37 38
Перейти на страницу: