Шрифт:
Закладка:
Делкъан ламазан хан гергагIоьртича, цIеххьана дагадеара Овхьадана ша кхузахь волу кхо сахьт сов хан хилар. Соип-Молле ладегIарх кIордор дацара, амма цуьнга а садаIийта дезара. ТIехула тIе, шен балхах иза йукъах а ваьккхинера Овхьада.
– Со жима волуш, тхан дас БуритIе ишколе деша дIавеллера со, – хьалагIатта кечвелира Овхьад. – Шен хьуьжарера дIа а ваьккхина, хьайн кIант керстанийн дешар деша хIунда велла ахь бохуш, тхан деца ийгIинера йуьртара молла. Сох керста хир ву, бохура цо. Йуьртарчу бераша а ца вуьтура со, тIехбеттамаш беш. Сох керста хилла бохуш. Цкъа со охьа а виллина, сан кочахь жIара йуй а хьаьвсира уьш…
– Оьрсийн, керстанийн дешар Iамадарх, керста хуьлуш вац, – велавелира Соип-Молла. – Iилма, иза бусалбанийн делахь а, керстанийн делахь а, Iилмa ду. Амма бусалба стага yггap хьалха Iамо дезарг а, декхар дерг а бусалба динан Iилма ду. Бусалба динехь гайтина, цхьана агIор, диканиг, оьзданиг, къинхетамениг, хьаналниг, цIeнаниг – стеган дуьне а, эхарт а декъала хиндолу дерриг а. Вукху aгIop, боьханиг, зуламениг, къизаниг, хьарамниг – стеган дуьне а, эхарт а декъаза хиндолу дерриг а. Цундела массо а бусалба стаг бусалба динан Iилма хууш хила веза. Амма дуьненахь ваха везачу стагана дуьненан Iилма а хаа деза. Къуръан чохь Дала массанхьа а аьлла Iилма Iамаде, Iилма долу стаг лера. «Зумар» суран уьссалгIачу айатехь Дала боху, Iилма хууш болу нах а, Iилма ца хууш бодане нах а цхьана тIегIанехь нисбойла дац, Iилма хуурш лакхахь бу. Пайхамара (IалайхIи салам) дуккха а аьлла бусалба нахана Iилма Iамор тIедожош. Аганара хьалагIеттина, хьо кога воьлчахьана дуьйна, кошан лаьхьти чу верззалц Iилма Iамаде. Дезткъа шаре а ваьлла, цхьа ког коша а биллина хьо велахь а, Iилма Iамаде аьлла. Йуха а аьлла Пайхамара (IалайхIи салам), иза Китай махкахь делахь а, Iилма схьаэца. И бохург хIун ду? И Iилма дуьненан цхьана йистехь, муьлххачу а стагехь, муьлххачу а къомехь делахь а, цига а гIoй, хьайна Iилма Iамаде, бохург ду. Iилма хууш волчу бусалба стага Далла кIезиг йина Iамал, Iилма ца хуучу бусалба стага Далла йинчу Iамалал дуккха а йеза йу, аьлла Пайхамара (IалайхIи салам). Кхин а аьлла Пайхамара (IалайхIи салам), Iилма ца хуучу эзар бусалба стагахчул Iилма хуучу цхьана стагах чIогIа кхоьру шайтIа. Иштта Дала а, Пайхамара а (IалайхIи салам) Iилма Iамор тIедиллина бусалба адамашна. Iилмано дуьне, Iалам, дахар, адамаш, диканиг, вониг довзуьйту стагана, зенех-зуламех, бохамех ларвала Iамаво. Iилма ца хуу адам а, къам а бодане, бIаьрзе, къора хуьлу. Ша хьалха бина некъ, ша дина диканиг, вониг, шен гIалаташ дицдо. ТIаккха цунна ца хаьа тахана а, кхана а ша дан дезарг, зенех-зуламех, бохамех ларвала. Ша хьалха дийлийтина гIалаташ йух-йуха а дуьйлуьйту цо. МостагIашна иза Iехо а, лоллехь латто а атта хуьлу. Ткъа хьагI-гамонаш, зуламаш Дала адамаш кхоьлличахьана дуьйна схьа массо а къомана йукъахь хилла а, долуш а, хир долуш а ду. Адам-пайхамаран шина кIантах цхьаммо хьагI-гамонна тIехула шен ваша вийна. Цигара схьа доладелла иза. Амма и хьагI-гамонаш а, зуламаш а кIезиг хилийта таро йу вайн. Къам ийманехь нисдар. Делан дош цуьнан даг чу дижор. Йукъара схьалаьцна, дерригенах а аьлча, нохчийн къам оьзда, къинхетаме, доьналле къам ду. Къуръано бохург, пайхамаран хьадисаш, шариIат, Далла хьалха бусалба адамийн декхарш шайна цIенна хууш хилча, бусалба дино ца магийна, дихкина зуламе гIуллакхаш, амалш йуьтур йолуш къам ду. Ткъа и зуламаш лело нах а дукха бац, шаьш хIуъа леладахь а, Далла Iамал йеш нах бу уьш а. Шаьш кхетийча, нислур болуш. Къуръан чохь а, жайнашкахь а дерг, шариIат довза нохчашна Iаьрбийн мотт ца хаьа, ткъа уьш нохчийн матте гочдина, нахана довзийта вайн Iеламнах бац. Цундела бусалба адамийн коьрта декхарш нохчашна довзийта, уьш нохчийн маттахь йаздина, даржо гIерта со. Доцца аьлча, нохчашна Iилманан хаарш оьшу. Бусалба динан а, дуьненан а Iилманаш. ТIаккха хуур ду вайна Дала бохург а, Пайхамара (IалайхIи салам) дийцинарг а, шариIат а, хIинццалц схьа дуьненахь хилларш а, тахана долуш дерг а. ТIаккха хуур ду вайна диканиг а, вониг а вовшех къасто а, Дела резавоцург дита а, зенех-зуламех, бохамех вешан ницкъ ма-кхоччу лардала а, вешан мостагIашка ваьш ца Iехадайта а. ТIаккха хуур ду вайна вовшийн лера а, вешан хьекъале, оьзда, доьналле, Делах тешаш а, Делах кхоьруш а, нохчийн къомах дог лозуш а болу къонахий къомана коьрте хIитто а, царна муьтIахь хила а, церан сий дан а, уьш ларбан а. Ткъа тахана Россехь оьрсаша вовшахдеттарш оьрсийн шайн гIуллакх ду. Соьга хиттича, церан гIуллакхашна йукъагIертар дацара нохчийн къам. Иза шен кхетамца генна тIаьхьадисина дуьненан политикина.
Соип-Моллица делкъан ламаз а дина, доьзалан Iодика а йина, Гати-Юьрта цIа верза новкъа велира Овхьад. Соип-Моллин къамелан ойла йеш, и беха некъ бацбелира цунна…
XI корта. ТаIзархой
Цхьацца адамаш оьздангаллех духу, амма халкъ цкъа а ца духу.
Ю. Фучик
1
Гуьмсе станцера меттахйаьлла цIерпошт, цхьа хан йаьлча, цIогIане мохь а тоьхна, Соьлжа-ГIала йуьйлира. Иза УстаргIардойн-Эвлах тIехйаьлчахьана, вагонийн неIаршка а гулбелла, вовшашна тIеттIа а теIаш, арахьуьйсура Россе бига Соьлжа-ГIала дIагулбеш болу нохчийн йолахой. Цхьа бутт хьалха и ши бIе нохчо, цхьаммо шу Россех-м хьовха, Соьлжа-ГIала гIyp ду шайга аьлча а, цецбевр бара. Йуьртахь цхьаьнаэшшара дIаоьхура церан дахар. Дийнахь – болх, суьйранна – пхьоьха, буьйсанна – кегийрхошна синкъерам. Йа лула-кулахь цхьаьнакхетий, цхьацца дуьйцуш, буьйса йацйора. XIopa дийнахь а – и цхьаъ. Наггахь луларчу йарташка дикане-воне а боьлхура. Йуьртара цхьаъ Соьлжа-ГIала йа ГIизларе вахана веача, цунах тамаша беш, цецбуьйлуш, цуьнга хеттарш деш, цо дуьйцучуьнга ладоьгIуш Iapa. Оцу шина бIе стагах цхьанна а ца моьттура шена цIерпошт гур йу а, ша цунна тIехуур ву а, хиъча, иштта гена, ца бевзачу махка гIyp ву а. Амма и декъаза нах доьзалех а, йартех а, махках а къастийнера къизачу къелло, доьзалшкарчу мацалло.
Топ буйнахь вагонан неIарехь лаьттачу салтичунна улло а хIоьттина вoгIypa Мудар. Цхьа сахьт хьалха Гуьмсехь меллачу чагIаро бохбина корта шелбаларе терра, кийра бузура цунна цкъа а ца хаабеллачу цхьана башхачу сингаттамо. ЦIахь бисинчу доьзална сагатдалар а дацара иза. Вагонийн чкъургаша «даркх-даркх, даркх-даркх» бохуш дечу цхьанаэшшарчу татанаша дог oгypa цуьнан. Генна тIаьхьа йеха аса йуьтуш, цIерпошто туьйсучу Iаьржачу кIуьро а, aгIop йеттачу йовхачу Iаьнаро а шен садукъдеш хетара. Ткъа сингаттам тIеттIа алсамбуьйлура чкъургаша мел боккхучу гонаца. Мел иза ца хьажо гIертарх, цуьнан ши бIаьрг хьаьвззий тIебоьрзура къилба-малхбалехьа тIаьхьайуьсучу лаьмнийн Iаьржачу раьгIнашка.
«ЦIахь Iийнехь тоьллерий-те суна? – дагаиккхира