Онлайн
библиотека книг
Книги онлайн » Историческая проза » Кхолламан цхьа де - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Шрифт:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 19 20 21 22 23 24 25 26 27 ... 38
Перейти на страницу:
а вигна, хьуо охьатесча? ХІай-хІай!

– ОьгІаз ма гІохьа, Лоьма, – aгIo цІерехьа а хьовзош, цуьнгахьа вирзира Юра. – Оха цІеначу даггара хоьтту. Ткъа хьо? Нийса ма дац иза. Адаш бакълоь. Наха тайп-тайпана дуьйцу дела, бакъдерг хаа ма лаьа тхуна.

– Іовдалш дийца бита аш. ХІаъ, ду, дера-кх, тхо-м бандиташ, къуй, йамартхой, фашисташ а. Кхин йисиний тхуна тилла цІе?

– Йуха а карзахвуьйлу!

– ТІаккха ткъа? Оха бакъдерг аларх, тхох теша ца теша. Тхо адамаш ма дац, адамашдаархой ду.

– Харцлоь хьо, Лоьма! Хьуна хьайна а хаьа тхан дагахь и доцийла! Цхьацца боьхачу нехан дегнаш иштта хилар тхан бехк бац.

– Шайна луъург мотта. Суна-м йовха а, шийла а йац!

TIeдеттачу догІанна жимма лагІдала дага а ца догІура. Мелхо а, хьалхарчу ломана тІехула дорцан кІур хІоьттинера. Берса реза вацара Лоьмин кІоршамечу жоьпашна. Адашбай, Юра а Іаламат догдика, эсала ши кІант ву. И шиъ, гергарло дезаш, Лоьмина тIeгІерта, ткъа Лоьмас уьш йухатоьтту. Дика ма дац иза.

– Бакъдерг дийца дезара…, – ийзалуш, нохчийн маттахь бехк баьккхира цо Лоьме.

– Къахетаре догдоху ахь? – кІоршаме цуьнга хьаьжира иза.

– Ца го хьуна, халахетта цаьршинна.

– Вай хазахеташ лела?

– Церан бехк ма бац иза…

– Хаьа суна а. Хьо ма хьехар дала хІоьтти. Цул, чІеІа а ца чІеІаш, хьайн мерах пхьош хьакха.

Лоьма, хьехан берте а вахана, тІулгах агІо а тоьхна дІа а хІоьттина, арахьежа вуьйлира. Цунна шена а валлал лаьара шина кІанта хоьттург цІенна дІадийца. ХІинцалц схьа цхьаммо а ца дехнера цуьнга и дийцар. Моьттура, иза ша дийцича, кийрара бала жимма а байлур бу. Ткъа иза-х бара кІеж туьйсуш кхехкаш. Жимачу Берсина атта ма ду. Иза хІинца а дерригенах ца кхета. Лоьмина шена а ца хууш хила а тарло дерриге а, амма хуурш, гинарш а тоьуш ду иза къона къежван. Деккъа и уьш цІера баьхна цхьа де тоьур дара цуьнан дог эккхийта. И де а ца деара массарна а цхьатерра. Массеран а бацара цІеххьана цІера арадовла аьттонаши. Ткъа Лоьмин хІусамехь оцу Іуьйранна ненан шийла дакъа Іуьллура. Цхьа-ши кІира дара, нана цамгаро гуттар а кІелйитина аьлла, тІаьхьа хабар а деана, Лоьма, доьшучуьра йукъахваьлла, цІахь Іен. Хьалхарчу буса нах охьабуьйшучу хенахь йелира иза. Оцу Іуьйранна хьалххе гІаттийна, лула йуьрта гергарчаьрга иза йеллийла хаийта хьажийна Лоьмин шича, цхьа сахьт далале, айъина цІа валийра, автоматца харс-аьлла пхьарс хадийна, мелачу цІеша а вуьзна. Иза а вара Лоьмин хенара кІант. Нана кешнашка а йигна дІайоллийла ца хилира. ДІа ца йуллуш ца йита, шайн бешахь гомха каш а даьккхина, цу чу таІийра цара иза. Оцу доьхначу дийнахь кхин цхьа нийсархо а вийра Лоьмин. Фермехь жаІу волчу шен дена тІаьхьа кхача эцна воьду Хьамид, йуьртах араволуш ха деш болчу салташна тІе а Іоттавелла, цара тоьхна вожийра. Цуьнан дакъа лаьттах долла а ца битира. ЦІа чохь поппаран маьнги тІе метта охьа а виллина, цунна тIe йургІа а тесна, иза Іад а витина, кертара арабелира церан доьзал. Ткъа Хьамидан миска нана, хІинца а меттайанза, тиларчу йахана хІума санна лела. Йуьртал арахь, ги йоьллина хьаьжкІийн кийсаг йолуш, Іилла дисира Лоьмин лулахочун Айзанан дакъа а. Шен йалх берана ахьарна хьаьжкаш ахьа хьера йоьдуш, эвлах арайолуш тоьпаш тоьхнера цунна. Мисканашна ца хаьара оцу буса шаьш ховха набарш йеш меттахь Іохкучу шайна тІехь ирча кхиэл йинийла. Ца хаьара йуьртана гуонах ха хІоттийнийла а. Йуьртах аравала гІоьртинчунна топаш тоха аьлла, омра дуйла а. Ткъа Іуьйранна оцу ханна тІенисделла Айзан, Хьамид, Хьасан а ца кхийтира салташа оьрсийн маттахь «Саца!» «Йухаверза!». «Тоьпаш туху хьуна!» бохуш деттачу маьхьарех…

Лоьмин логе шад хІоьттира. Цхьадика, бІаьргаш чу хин тІуно-м ца йуссура.

Хьанна моьттура, иза хир ду. Йуьртахь лаьтта салтий, берриге бохург санна, бевзара Лоьмина. Царна йукъара цхьаболу бІаьхой, Лоьмел цхьа-ши шо бен баккхий боцуш, кегийраш бара. Церан чІогІа доттагІалла дара йуьртарчу шайн нийсаршца. Уьш цаьрца цхьаьна ловзарга а, синкъераме а оьхура. Нохчийн сискал а, салтичун паек а йоькъуш йуура. Лоьмин когара ботинкаш а ма йу цуьнан доттагІчо, къоначу лейтенанто, цунна совгІатанна йелла. Оцу догдикачу адамийн цхьана Іуьйранна шайн доттагІий цІийнах а, махках а баха дийзиpa…

Уьш дерриге дагадаьхкича, логе шад хІутту Лоьмин. Дависарг, ницкъ белара цуьнан, хилларг-м хьовха, таханлерниг а цхьаьна дерриге а дицдан. Синтем бац йа дийнахь а, йа буса набарха а. Бус-буса гІенах дуьхьалхІуьттту хьоме даймохк. Амма цуьнца цхьаьна дуьхьалхІуьтту и ирча къематде а. Самаваьлча… Цул хІумма а сина лан атта йац тахане а. Хало. И йерриге хало а, мацалла а йицйеш долу даймахке мерза сатийсар…

«Иштта хила ца везара со оцу кхаа кІантаца, – ойла йора Лоьмас. – Жима велахь а, Берса бакълоь».

Лоьма схьавирзича, цуьнан йуьхь тера а йацара цхьа масех минот хьалхалерчух. Йайнера цунна тІера аьрхалла а, цкъацкъа гучуйолу къизалла а. Иза цхьана луьрачу чевно Іийжочу дархочух тера, озийна, йахйелла, хаба а хебна гора.

Вист ца хуьлуш шен метта цІера улло охьа а хиъна, дехьа лаьтта дечкан мохь, дІакхевдина, шена тІе а озийна, цунна тІе дІа а тевжина, ши бІаьрг хьехан тховх буьйгІира цо.

– Юра, тхаьш схьа хІунда далийна дийца хаац суна, – элира цо, эххар а.

– Цундела цунах лаьцна сан дийца хІумма а дац. Арахь тІедетта догІа саца гена ду. Иза саццалц Іахь, дикка Іан дезар ду вайн. Цундела, вайна хан йацйалийтархьама, шуна лаахь, ас дуьйцур ду тхаьш махках даьхначу дийнах лаьцна доцца.

Ши кІант, гергахьо таьІна, ладогІа кечвелира. Амма Лоьмина ца хаьара ша мичхьара схьалаьцна доло деза. ТІехьа дахийтина ши куьг коьрта кІел а доьллина, къамелан йуьхьиг лоьхуш санна, тховх бІаьргаш кхерстабора цо.

– ХІун дуьйцур дара шуна? – Юрега хьаьжира Лоьма. – Шуна бакъдерг ала лаахь, дерриге а дийца сан ницкъ тоьур бац. Цхьа коьрт-коьртаниг олуш, чекхвала хьожур ву со. Доцца аьлча, шу санна, дерриге адамаш санна, дехаш дара-кх тхо тхан дай баьхначу лаьтта тІехь. Оцу лаьтто комаьрша рицкъа лора тхуна. Цунах тоам а бора оха. Далла хастам а бора. Вайн Советийн махкахь массанхьа санна, Іедал а дара тхо долчохь. Баккхийчара болх бора, бераша доьшура. Дешна ваьлларг балха а воьдура. Цомгаш хуьлура, дала а лара. Хазахетарш а, бохамаш а, цатемаш а хуьлура. Тхешан даймохк дукха а безара тхуна. Доцца аьлча, кхечарел тоьлаш а, йа оьшуш а доцуш адамаш дара-кх тхо. Церан йоллу ойланаш а, сатийсамаш а болуш. Аш санна, оха а сатуьйсура, фашистийн гІера вайн макхара дІа а лаьллина, чехкка тІом чекхбаларе, фронтера тхешан дай, вежарий цІа берзаре. Цундела оха тхешан ницкъ ца кхоабора къинхьегамехь. Цундела оха чІогІa безаш тІеийцира шовзткъе кхоалгІа шо чекхдолуш тхешан

1 ... 19 20 21 22 23 24 25 26 27 ... 38
Перейти на страницу: