Онлайн
библиотека книг
Книги онлайн » Историческая проза » Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Шрифт:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 22 23 24 25 26 27 28 29 30 ... 167
Перейти на страницу:
вола воллура хьо, Хьомсуркъа?

– Стигала а ца волуш, лаьттах а ца вулуш, Зеламхех дIакхетар вара-кх, Инарла.

– Хьайца со а вигалахь, Хьомсуркъа!

– Зеламхина ца оьшу Хьомсуркъа тайпа къуй а, хьо тайпа малархой а, Мудар!

– ТIаьххьара а цхьа-ши дош олу ас, – шен къамел дерзо вуьйлира Хьомсуркъа. – Вайн йуьртана харцонца тIедожийна ткъа туьма гIуда йа Iедале дIадаккхийта, СаьIад, йа бехкениг а каравай, цуьнга такхийта. Иза а, важа а дан шаьш къонахий дацахь, шайн кисанара дIало. Таханчул тIаьхьа нахана йуккъехь диканна а, вонна а сан цIе ма йаккхалахь. Со Iедалан бага а ма Iитта. Со дIавоьду кхузара, соьца вoгIypг схьатIаьхьахIотта.

3

ДIаволавелла Хьомсуркъа а, цунна тIаьхьахIоьттина масех стаг а сацийра, доцца лергина маж-мекх а долуш, оьрсийн духарца кечвеллачу шовзткъе итт шо хенарчу стага.

– Хьомсуркъа, ас цхьа-ши дош аллалц совцийша. Дукха латтор дац шу.

ХьомсуркъагIар дегаза йухабирзира. Нехан гIовгIанаш дIателлац собаре ладоьгIуш а Iийна, мохь ца хьоькхуш, куьйгаш дIаса а ца лестош, оьздда къамел дира стага:

– Йуьртахой, вежарий! Кхузахь динчу къамелах сайна хетарг ала лаьа суна. СаьIада дийцинарг округан начальника шена тIедиллинарг ду. Цунах лаьцна, Iедало лелориг йоккха харцо йу алар бен, кхин дийца хIyммa а дац сан. Амма Хьуьсас а, Хьомсуркъас а доцца динчу къамелех масех дош эр ду ас. Хьуьса, хьо Iеламстаг, йуьртан къеда цIе йолуш ву. Делан дош адамашка нийса дIакхачо а, церан дегнаш чу дижо а, уьш нийса кхето а декхар долуш ву хьо а, хьо саннарш а. Ахь тахана Делан цIарах, Дала аьлла бохуш, дина къамел нийса дац, ахь нийсса бIостанехьа а даьккхина дийцира. Шайн куьйга кIелхьарчу халкъана йукъахь нийсо, барт, машар, ийман-беркат латтош, халкъан бала болуш, халкъах доглозуш болчу паччахьашна а, церан хьаькамашна а муьтIахь хила, цара кхайкхийначу Iедалца нийса некъ а бе, боху Дала. Амма и паччахьаш а, церан хьаькамаш а, Iедал а харцонаш, йамартлонаш лелош, халкъ Iазапехь, лоллехь латтош белахь, церан Iедал халкъана зуламе, бохаме делахь, царна муьтIахь ма хила, церан метта Ша бохучу некъашца куьйгалла дийр долу, цIена, хьанала, къинхетаме паччахьаш а, хьаькамаш а хIиттабе, Iедал а кхолла, боху Дала. Тахана вайна тIехь волу паччахь а, цуьнан хьаькамаш а, церан Iедал а Дала бохучу некъаш тIера бевлла. Цара халкъаш лоллехь, Iазапехь дахкадо, цара харцонаш, йамартлонаш лелайо, цаьргахь къинхетам бац, уьш къиза бу. Цундела оьрсий а, Россера кхидолу халкъаш а царна реза дац, уьш паччахьна, цуьнан Iедална дуьхьалдевлла. Ткъа ахь паччахьна а, кхузарчу цуьнан хьаькамашна а реза боцчу нахана жоьжахатица кхерамаш туьйсу, царна дуьхьал верг Далла дуьхьал ву, иза жоьжахатин цIергахь вогур ву, боху. Гуш лаьтташехь харцдерг ма дийца…

– ЭхI, ма бакълоь хьо, Овхьад!

– Дала догдика де хьан!

– ХьуьсагIар санначарна дика ма ву оьрсийн паччахь…

– Цундела уьш цуьнгахьа бу…

– Дала мукъалахь, жоьжахатехь а цхьаьна хир бу уьш…

– Ткъа хьо, Хьомсуркъа, хьайна а, нахана а зуламечу новкъа ваьлла, и ахь йуьхьарлаьцна некъ Дала магош бац, оцу новкъахь ахь доккхуш долу рицкъа хьуна а, хьан доьзална а, цунах мел кхеттачунна а хьарам ду. Хьо къелло ваьккхина, боху ахь, оцу новкъа. Айхьа къола бусалба адамашна ца до, керстанашна, гIалагIазкхашна до, боху. Ткъа Дала дихкина бусалбанан а, керстанан а, муьлххачу динехь, муьлххачу къомах долчу адаман а долаллина тIе куьг кховдор. Нехан хьакъ диъначунна, цунах пайдаэцначунна ша гечдийр дац, гечдан шен бакъо а йац, боху Дала. Мацалла леш велахь а, нехан хьакъ а, рицкъа а кхаллий, валарх кIелхьара ма вала, боху. Нехан хьакъ, нехан рицкъа ца даа, хьакхин а, къен йеллачу бежанан а, экханан а, олхазаран а жижиг даа магадо. Мацвелла, къийвелла, гIаддайна, хьо кIелвиса волахь, къола ма де, сагIа деха боху. Къола дар эхье а, къилахь а ду, сагIа дехарх эхь дац. Вайн лулара бусалба суьйлий, шаьш къийбелча, къола дан ца богIу Нохчийчу, ткъа caгIa деха богIу. Ахь буьйцучу гIалагIазкхаша, хьацарца къахьоьгуш, кхиош а, кхобуш а ма ду аш лечкъадо даьхни. Масех шарахь цара къахьоьгуш кхиийна даьхни а лачкъадой, уьш чIана ма боху аш. Церан а ма ду, хьан санна, бераш. Даа а, тIедуха а, даха а дезаш. Къа дац оцу адамийн? Кханалерчу къематдийнахь Далла хьалха а, оцу дохнан дайшна хьалха а жоп дала дезар ма ду шун…

– Оцу хьайн вешин туька йахьарна, йа СаьIадгIеран, ХьуьсагIеран, ИнарлагIеран даьхни дигарна кхоьруш, цаьргахьа гIo доккхуш, бо хир бу ахь и хьехамаш? – мохь туьйхира Хьомсуркъас.

– Аш сан вешин туька йахьарца а, вукхеран даьхни дигарца а сан гIуллакх дац, Хьомсуркъа. Хьо санна, боьрша нах бу уьш, шайн туька а, даьхни а цара шаьш лардийр ду. Нагахь санна, шун аьтто а баьлла, аш къола дахь а, шаьш къонахий белахь, цара схьадохур ду шуьгара. Иза шун вовшийн гIуллакх ду. Ткъа ахь а, хьо санначу кхечу нохчаша а гIумкийн, ногIийн, гIалагIазкхийн даьхни а лечкъош, талораш а деш, летийнчу къинойх а аш Далла хьалха жоп лур ду, Дала шуна тIехь кхел а йийр йу. Со ала гIертарг кхин ду. Нохчех даьлла дерриг а вониг дIайаздо оьрсийн газеташа. Къоланаш, талораш, адамаш дайар, доцца аьлча, кхечу къаьмнийн вайх безам бовр берг дерриг а. ЦхьакIеззиг дерг, дестадой, харцахьа доккхий. Амма цара йаздийриг цхьа бух боцуш ца хуьлу. Вайн цхьаболчу нохчаша къоланаш, талораш до, адамаш а дойу. ГIалагIазкхашна а, гIумкашна а, ногIашна а, луларчу кхечу къаьмнашна а. Вовшашлахь а. Ахь а, хьо санначу нохчаша а лелочу зуламаша вон цIе йоккхуьйту дерриг а нохчийн къоман. Кхечу къаьмнашна хьалха сий дойу, нохчашка цабезам, цатешам кхуллу. Шу тайпачу наха доккха зулам до вайн халкъана. КхозлагIа. Къелло а, мацалло а бIарзбина дуккха а нохчий, оцу аш йуьхьарлаьцначу, Дала ца магийначу новкъа ца бовла, Теркйистерчу гIалагIазкхашна йолах болх бан а, цхьана ханна мехах эцна а, йукъахь латта лело а боьлху xIopa шарахь. Царах цхьаберш, цхьана ханна кегий кIотарш а йехкина, бехаш а буьсу цигахь. Ахь а, хьо санначара а гIалагIазкхашна деш долу къоланаш а, гIалагIазкхий байар а бахьана долуш, и хьанала къа а хьоьгуш, шайн доьзалшна сискал йаккха гIерташ болу къен-миска нохчий цигара дIа а лахка, церан кIотарш а йохае, карахь йуьртдегара, пурстопера кехат доцуш а, карахь герз долуш а веана нохчо, схьа а лаций, набахти чу а таса аьлла, омра дина областан начальнико. Къа дац оцу мисканийн? Ахь а, хьо санначара а бохам ма баьккхина царна. Гена гIиртина хIун до вай, вешан йуьртарчу Болатан кIантана бина бохам вайна гуш ма бу. Гой хьуна, Хьомсуркъа, оцу шайн къоланашца, талорашца, цкъа-делахь, Далла хьалха бехке хуьлу шу, шолгIа-делахь,

1 ... 22 23 24 25 26 27 28 29 30 ... 167
Перейти на страницу: