Онлайн
библиотека книг
Книги онлайн » Историческая проза » Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Шрифт:

-
+

Закладка:

Сделать
1 ... 28 29 30 31 32 33 34 35 36 ... 167
Перейти на страницу:
ца дицделла иза…

Айзин кIоргга хьех чуэгначу кхоьлинчу бIаьргаш чуьра схьаIийдало хиш, цуьнан беснеш тIерачу хебаршна йуккъехула меллаша сетташ, хьийзаш, охьадуьйладелира.

Вист ца хуьлуш, лерина цуьнга хьоьжуш Iачу Iелин хьаьжа тIе, берцан буьртигаш санна, кегийра хьацаран тIадамаш хIиттира. Лергаш долу кхакханан куй коьртара схьа а баьккхина, хьаьжа тIе хьаькхира цо. «Ас хIун де-те? – хоьттура цо ша-шега. – Со вовзийта-те ас, йа сайх догдиллинчу xIокxapнa ца вовзуьйтуш, тийна-таьIна Николаз волчу Гуьржех дIагIо-те со? Хьайн де доьхна, гIо эшна меттиг нислахь, ша волчу дIавола, ма аьлла цо соьга. Нагахь санна уьш маршонан гIуллакхна гIовттахь, къена велахь а, церан могIаре а хIуттур со. Хьанна хаьа, шаьш маьршабевлча, соьца каторгехь хилла накъостий а цига бахка а ма мега…».

Хьаьжа тIера хьацар дIадаккха Iелас коьртара куй дIабаьккхича, Айзин къамел, мотт сецча санна, цIаьxхьана хедира. Цуьнан бIаьргаш къаьрззина Iелина тIебогIабелира. ТIаккха меллаша хьалагIеттина, цунна тIе а йахана, Iелин хьаьжа тIерачу бехачу, цIечу муонах дайн куьг хьаькхира цо.

– Нагахь со эсах йаьлла йацахь, xIapa муо ас йерзийнчу чевнан муо бу-кх, – элира цо шабарца, тIаккха Iелина а бен ца хезаш кхайкхира: – Iела?

Iелин корта, шина а куьйга къевлина схьа а лаьцна, шен некха тIе таIийра Айзас.

– Iала-а-а! Хьанна моьттура, хьо дийна хир ву… Тахана со йеллачу хIунда ца кхечи хьо, Iала-а-а?..

КIант а, нус а, цецдаьлла, дист ца хуьлуш лаьттара, Айзас лелочуьнга а хьуьйсуш. Iусман ца кхетара шен нанас лелочух. И муьжги мара а къевлина, хIокхуьнан ден цIе хIунда йоху цо? Шен майрачун доттагI гича, майра карла а ваьлла, эс галдаьлла-те цуьнан?

Айза, дегI а малделла, ша йолччохь цIенкъа охьайахара. ТIехьаьддачу Iусмана, пхьаьрсаш кIелхьара схьа а лаьцна, айъина маьнги йисте охьахаийра иза. Несо, марненан йуьхьах шийла хи а хьаькхна, масех къурд байтира цуьнга. Ша саметта йеача, шиний куьйга схьалаьцна корта охьа а бахийтина, цкъа мохь олуш, тIаккха узарш деш, сауьйзуш, шиний aгIop дIаса а техкаш, йелха йуьйлира. Иза йоьлхучуьра саццалц цхьа а вист ца хуьлура цIа чохь. Шен дог а Iабийна, эххар а йоьлхучуьра сецира Айза. Iусман шекваьллера нанас лелочух. Нанна хьалха охьа а лахвелла, цуьнан голаш тIе куьйгаш дехкира кIанта.

– Ахь лелориг хIун ду, нана? И муьжги мара хIунда къевлира ахь? Хьо хIунда йоьлху? Коьрте лазар-м ца деана хьуна? – хеттарш дора цо.

– Нана лойла хьан, Iусман! XIapa-м муьжги ваций, хьан да вай! – йистхилира иза эххар а. – Цуьнан хьаьжа тIехулара муо ца гo хьуна?.. Ас хьоьга дукха ма бийцира иза…

Iусманна хIинцца гира и муо. Тховса бен, хIокхарна гуш бIаьштига тIе таIийна коьртахь латтош болу и куй дIа ца баьккхинера хьешо. Хьала а гIеттина, Iадийча санна, Iеле хьаьжира Iусман. ТIаккха, хорша йеача санна, балдаш а, чIениг а йегийра цуьнан.

– Дадий? Дада! – мохь аьлла, тIекхетта, иза маравоьллира Iусмана. – Хьо хIун деш Iapa хIинццалц ца вовзуьйтуш? Дада…

Цхьана ханна белхар хIоьттира цIа чохь. Ден голашна тIе йуьхь а таIийна, къорра воьлхура Iусман. Шина куьйга корта а лаьцна, ши бIаьрг цIенкъа а боьгIна, охьа а таьIна, йуха а догIанха йелха йуьйлира Айза а. Корталин тIемаг чIенга тIе а лаьцна, гIийлла йоьлхура нус а. Самадевлла бераш, баккхийчара лелочух ца кхеташ, цецдевлла, тапъаьлла тийна Iapa. Веккъа цхьа Iела вара кийрахь воьлхуш. Цуьнан совцо ницкъ ца кхаьчна бIаьрхиш, сирчу можа тIехула охьа а Iийдалуш, карахь Iуьллучу кIентан коьрта тIе Iенара.

Къаьхьачу ойланаша лаьцнера ден а, зудчун а, кIентан а ойланаш. Оцу кхаанна хаьара, Iела цIа верзаро шайн xIycaмe ирс ца деанийла. Церан дегнаш вовшах доьзначу гуш доцчу пхенаша дIасалора кийрахь кIежтуьйсуш кхехка бала. Велхаро дагна маслаIат до, амма цо бала дIа ца ойу. Дегахь а, кIантехь а болчул тIех боккха бала шегахь хиллехь а, уггар хьалха саметтайеара Айза. БIаьргех ихначу хишна кучан йух а хьаькхна, доккха са а даьккхина, йистхилира иза:

– Iусман, вай доьлхуш Iepax гIуллакх хир дац. XIapa цIа веаний хиъча, йуьртара а, арахьара а дукха адамаш догIур ду хIокху керта. ХIинца ша ма-варра хIара нахана гойтийла дац. Корта а баьшна, маж-мекх а лергина, дегI цIандина, бедарш а хийцина, жимма сибате вало веза. ХIокхунна тIедуха, хьайна тIехь долчул совнаха, хьан коч-хеча а дац, Iусман. Хан ца йолуьйтуш, Iабдин туькана а гIой, хIокхунна тIехула а, чухула а духар эца. Ахча ас кхана дIалур ду. Ткъа ахь, Медана, дехьа цIа чу цIе а латайай, цIа а, хи а дохде. Ас, дIа а йахана, Дауд схьавоуьйтур ву. Керта-арара дечиг а, кхиерг а йуьстахйаккха.

КIант а, нус а сихха араделира. Вовшашка дист а ца хуьлуш, цхьа хан йалийтира Iелас а, Айзас а.

– Хьо чукхачаре сатуьйсуш Iийра со, Айза. Вайша селхана вовшех къаьстича санна, хьо къанйелла а хир йац, къона сайна хьалха хIуттур йу, моьттура суна.

– ХIетахьлера хьан Айза хIинца йац, Iала. Иза берхIитта шо хьалха йелла. Ас дукха сатийсира хьоьга. Дийнахь а, буса а хаддаза. ТIаккха дог диллира. Ткъе ворхI шо хьалха махках ваьлла, Сибрех вахийтина ХортIин кIант Овхьад, массара а велла лоруш волу, кхо бутт хьалха цIа веара. ХIетталц хьо дийна хиларх догдиллина Iаш йолчу сан даг чохь йуха а хьо дийна хиларе, цIа верзаре дог дохуьйлин цIе къедира. И кхо бутт, кхачанах а хаьдда, буьйсанна наб йайна баьккхина ас. Цхьана aгIop, хьо дийна хиларе, винчу йуьрта, хьайн кIантана тIе цIа верзаре сатуьйсура. Ткъа вукху aгIор… Хьо цIа вале суна Iожалла лолахь бохуш, Деле доIанаш дора… Амма Дала жоп ца дели сан дехаршна…

Айза йуха а йелха йолаелира.

– Хьо хIунда йоьлху, Айза?

– Со бехке йу хьуна хьалха. Со кхечу стагаца йеха берхIитта шо ду…

– Хаьа суна.

– Ас хьуна эхь дина… Сан цIий хьанал ду хьуна…

– Хьан бехкенна хилла а, лелла а хIумма а дац, Айза. Дерригенна а бехке хIара хала зама йу. Замано къастийра вайшиъ вовшех. Замано кхоьллинчу халонаша, баланаша, бохамаша йахийтина хьо маре а. Далла хьалха а, суна хьалха а цIена йу хьо, Айза. Со Сибрех вахча, жимачу шина кIантаца цхьа йисира хьо. Кертахь, цхьа гирда бен, йалта а, бежана а, атталла газа-уьстагI а доцуш. Дола дан, гIo дан да-нана а, вежарий а, марзой а боцуш. Со дийна ву-вац а ца хууш, биъ-пхи бутт баьлча, хьайн а, шина кIентан а дола дийр долчу стаге маре йаха бакъо йара хьан бусалба динехь. Ахь ткъа шарахь ладийгIина соьга. Айхьа къахьоьгуш, баланаш, халонаш ловш, ши кIант а кхиийна. Цхьаъ Дала дIавигча, шолгIаниг, зуда а йалийна, ваха а хаийна. Хьо маре муха йахана а, хIунда йахана а, хаьа суна. Оцу

1 ... 28 29 30 31 32 33 34 35 36 ... 167
Перейти на страницу: