Шрифт:
Закладка:
Соип-Моллин хьехам чекхбаьлча, цхьана йукъана тийналла хIоьттира маьждиг чохь. Овхьадана уллохь шен мара ийзийнчу стага, хьала а гIеттина, Соип-Молле хаттар делира:
– Соип-Молла, цхьаболчу Iеламнаха олуш хезна суна: стага летийнчу къиношна Дала гечдийр ду, нагахь санна и стаг, ша динчу вочу гIуллакхашна дохко а ваьлла, ша валале ийманехь нислахь. Со къона волуш, сайн дeгIexь ницкъ болуш, Далла Iамал йар ледара хилла сан, къоланаш деш а лелла. Оцу айса бинчу некъана дохковаьлла, Далла сайна хуу Iамал а йеш, гIийла-мискачарна caгIa а луш, гIуллакхашца нахана, йуьртана гIo а деш, схьавогIу со хIокху тIаьххьарчу ткъа шарахь. Оцу цхьаболчу Iеламнаха ма-дийццара, ас летийнчу къиношна Дала гечдийр дуй-те суна?
Соип-Молла, корта а ластош, велакъежира:
– Шена луург дан ницкъ болуш а, къинхетаме а, комаьрша а ву АллахI. Амма иза нийса хьукма деш а ву. Далла Iамал йеш, Цо бусалбанашна тIедехкина декхарш кхочуш а деш, хьанала къа а хьоьгуш, хьарамчух лар а луш, дуьненахь йаккха шена тоьхна хан текхна, Шена дуьхьал веана стаг а, ткъа Ша бусалбанашна тIедехкина декхарш кхочуш а ца деш, Шена Iамал а ца йеш, хьарамчух лар а ца луш, къоланаш, талораш а деш, адамаш а дойуш, дуьненахь хан а текхна, Шена дуьхьал веана стаг а Дала цхьана даржехь нисвича, нийса хир ду аьлла, хетий шуна? ТIаккха-м Дела нийса кхел йеш хир ма вац! Ша дуьненахь летийнчу къинойх Далла хьалха жоп дала деза хIора адамо, царна догIу Iазап такха деза жоьжахатехь. Дуккха а къинош летийначара дуккха а Iазап токхур ду, кIезиг къинош летийначара – кIезиг. Ткъа шен дахарехь ша летийнчу къиношна ша валале дохко а ваьлла, шахIадат далийча, Дала цунна и къинош гечдо бохуш, хьоьга дийцина Iеламнах йа шаьш галбевлла, йа хьо царах нийса ца кхетта. Делах ца тешаш йа Дела цхьаъ ца веш, Iалайсалам, Мухьаммад пайхамар къобал а ца веш, къинош а летош, дуьненахь хан а йаьккхина, Iожалла тIехIоьттича, дохкодевлла, цара шахIадат далийча, Дала гечдийраш кхин адамаш ду. Дала, Iалайсалам, вайн пайхамар Мухьаммад бусалба дин кхайкхо ваийтале, дуьнен чу Къуръан а доссадале, жIарашна Iамал йеш, даьхна адамаш. Ткъа Дала бусалба дин кхайкхо, Iалайсалам, Мухьаммад-пайхамар ваийтинчул тIаьхьа, Дала цуьнгахула Къуръан доссийнчул тIаьхьа цхьа эзар кхо бIе шо даьлла. Оцу эзар кхаа бIе шарахь хIора дийнахь адамашна хьоьхуш ду Къуръано а, Iалайсалам, пайхамаран хьадисаша а, шapиIатo а бохург. ХIетте а Далла Iамал а ца йеш, Дала бусалбанашна тIедехкина декхарш кхочуш а ца деш, иймане а ца воьрзуш, дуьненахь хан а йаьккхина, шена тIе Iожалла хIоьттича, кхеравелла, дохко а ваьлла, шахIадат далийначунна ца гечдо Дала, гечдийр а дац. Нехан хьакъ диъначо, ша дуьненахь а волуш, дIатакха деза долчу дена, иза къинтIера ваккха а веза. ТIаккха Делан къинхетаме дог дохийла хир йу цуьнан…
Кхин масех стеган хаттаршна Соип-Моллас жоьпаш делча, маьждиг чу веаначу цхьана стага, Овта-Хьаьжин лере а вахана, цуьнга масех дош элира.
– ЛадогIал, нах! – мохь туьйхира Овта-Хьаьжас. – Селхана Iуьйранна сатоссучу хенахь БуритIарчу набахтехь, ирх а оьллина, къиза вийна вайнаха сий деш, лоруш хилла гIалгIайн халкъан майра, оьзда, доьналле, тешаме кIант Госа-Хьаьжин Саламбек. Соип-Молла, доIа дехьа…
ДоIина тIаьхьа Саламбекана докъа ламаз а дина, кхоьлинчу йаххьашца маьждигера дIасабахара нах…
***
ЧIогIа къайлах
ЦУЬНАН ИМПЕРАТОРСКИ ВОККХАЛЛИН
КАВКАЗЕХЬ HAMEСТHИКAH ГIОЬНЧЕ
1911 шо, 4 май
№ 21
Буру-гIала
Эскаран отрядан начальнико полковника Морганияс хаам бина соьга, Зеламха революцин гIуллакхна йукъаозо 60 гергга студенто (царах дукхахберш эрмалой бy) сацам тIеэцна хиларх. Оцу Iалашонца шайн пхи стаг Нохчийчу вахийтина цара. Шелан вахархочуьнца Боршигов Шаидца дехха дийцарш динчул тIаьхьа, 19-чу апрелехь, цо Зеламхина тIебигна уьш. Оцу цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш, пхеа студентал совнаха, кхин а 22 стаг хилла. Царна йукъахь – вайн ши агент а. Цигахь студенташа дехар дина Зеламхе, кестта Россин, Китайн тIом хир бу, тIаккха Россехь революци хир йу, оцу революцина гIо дахьара ахь бохуш. Зеламхина бомбанаш йелла цара. Зеламха шайх тешийта, цунна дош делла цара со а, сан гIоьнча инарла-майор Степанов а вен, эскаран дакъош, тIеман гIирсаш тIехь болу цIерпошт а, тIайш а лелхийта, дуккха а ахча тIехь долуш йоьлхучу цIерпоштех Зеламхе нийса хаамаш бан, цо кIело йинчу меттигехь Востингаузан тормозашца цIерпошт сацо а.
Цул совнаха, Гуьмсе станцин начальникан барт хилла, стачкийн комитетан куьйгалхошца дуккха а ахча дIасахьош йолу цIерпошт маца новкъа йолу